1
2 Кипин 3:9
Делан Йозанаш
CHE
Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна.
Compare
Explore 2 Кипин 3:9
2
2 Кипин 3:8
Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.
Explore 2 Кипин 3:8
3
2 Кипин 3:18
Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.
Explore 2 Кипин 3:18
4
2 Кипин 3:10
Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду.
Explore 2 Кипин 3:10
5
2 Кипин 3:11-12
Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза, Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.
Explore 2 Кипин 3:11-12