1
Марк 9:23
Делан Йозанаш
CHE
Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».
Compară
Explorează Марк 9:23
2
Марк 9:24
КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»
Explorează Марк 9:24
3
Марк 9:28-29
Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла. «И тайпа жинаш доӀанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.
Explorează Марк 9:28-29
4
Марк 9:50
Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».
Explorează Марк 9:50
5
Марк 9:37
«Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
Explorează Марк 9:37
6
Марк 9:41
Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».
Explorează Марк 9:41
7
Марк 9:42
«Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича.
Explorează Марк 9:42
8
Марк 9:47
Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул
Explorează Марк 9:47