Доладалар 3

3
Адамо дуьххьара къа латадар
1 # Довзийтинарг 12:9; 20:2. Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
2Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, 3амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
4ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, 5амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
6Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. 7ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.
8Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. 9Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
10Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».
11Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
12Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
13 # 2 Коринтхошка 11:3; 1 Тимапига 2:14. ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?»
Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
14ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира:
«И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон.
НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а,
ерриге а аренан акхарошна а хьалха.
ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.
15 # Довзийтинарг 12:17. ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а,
хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь
а мостагӀалла хир ду.
Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю,
ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
16Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира:
«Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан,
лазаршца доьзалхо а хир ву хьан.
ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо,
ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».
17 # Ӏебархошка 6:8. Адаме#3:17 Адаме – кхузахь деша мега «адаме» я «Адаме». Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна,
хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а.
Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду
ахьа хьайна напха.
18КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе,
аренан ораматех хир ю хьуна юург.
19Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг,
юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц.
Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела,
юха а чан хир ю хьох».
20ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
21ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш. 22#Довзийтинарг 22:14. Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
23Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. 24Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.

المحددات الحالية:

Доладалар 3: CHE

تمييز النص

شارك

نسخ

None

هل تريد حفظ أبرز أعمالك على جميع أجهزتك؟ قم بالتسجيل أو تسجيل الدخول

تستخدم YouVersion ملفات تعريف الإرتباط لتخصيص تجربتك. بإستخدامك لموقعنا الإلكتروني، فإنك تقبل إستخدامنا لملفات تعريف الإرتباط كما هو موضح في سياسة الخصوصية