YouVersion Logo
Search Icon

Лелар 26

26
Исраилан халкъ шозлагӀа дагардар
1 # Лелар 1:1-46. Ун кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе». 3Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира: 4«Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве».
Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара:
5Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, 6Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. 7Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730).
8Палун кӀант вара Элиаб. 9Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. 10Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах. 11Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.
12ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой. 13Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой. 14Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).
15Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой, 16Озних – ознихой, Ӏерах – Ӏерихой, 17Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой. 18Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500).
19Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера. 20ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой. 21Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой. 22Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500).
23Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех – пувахой, 24Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой. 25Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300).
26Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой. 27Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500).
28Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.
29Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой. 30ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, 31Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, 32ШамидаӀах – шамидаӀхой, Хьепарах – хьепархой. 33Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 34Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700).
35Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой. 36Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой. 37Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500).
Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца.
38Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, 39Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. 40БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах – наӀаманхой. 41Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600).
42Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара. 43Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400).
44Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериӀах – бериӀхой. 45БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой. 46Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь. 47Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
48Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой, 49Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой. 50Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400).
51Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).
52 # Лелар 34:13. Везачу Эло Мусага элира: 53«ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина. 54Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта. 55Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. 56Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».
57Левихойн тӀаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГӀиршанах бевллера гӀиршанхой, КхахӀатах – кхахӀатхой, Мерарих – мерарихой. 58Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахӀатан хилира кӀант Ӏамрам. 59Ӏамраман зудчун цӀе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Ӏамраман а, Йохабадатан а ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. Иштта цхьа йоӀ а яра церан, цу шина кӀентан йиша йолу Марем. 60#Лелар 3:2. АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 61#Ӏамалъяр 10:1, 2; Лелар 3:4. Ткъа Надаб а, АбихӀу а велира, хӀунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цӀергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагӀа. 62Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хӀунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
63Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ. 64Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. 65#Лелар 14:26-35. Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.

Currently Selected:

Лелар 26: CHE

Highlight

Copy

Compare

Share

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in

Video for Лелар 26