YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 1

1
Ӏийса схьавалар
(Лака 3:23-38)
1ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.
2ИбрахӀим Исхьакхан да хилла,
Исхьакх – Якъубан да,
Якъуб – ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,
3ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла.
Парас Хьацранин да хилла,
Хьацрани – Раман да.
4Рам Ӏамминадабан да хилла,
Ӏамминадаб – Нахьшонан да,
Нахьшон – Салманан да,
5Салман – БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла.
БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла.
Ӏабади Юшайн да хилла,
6Юшай – Даудан да хилла.
Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.
7Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла,
РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да,
Аби-ЯхӀу – Асин да,
8Аса – ЯхӀушаптин да,
ЯхӀушапти – Йораман да,
Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,
9Ӏузи-ЯхӀу – Йовтаман да,
Йовтам – Ахьазан да,
Ахьаз – Хьузакх-ЯхӀун да,
10Хьузакх-ЯхӀу – Маннашан да,
Маннаш – Аминан да,
Амин – Юши-ЯхӀун да,
11 # 2 Шерашкахь 36:10; Ярми-ЯхӀу 27:20. Юши-ЯхӀу – Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.
12Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла,
Шалтаал Зурбабелан да хилла,
13Зурбабел – Авадин да хилла,
Авади – Элъякъиман да,
Элъякъим – Узаран да,
14Узар – ЦӀадукъин да,
ЦӀадукъа – Ахьмин да,
Ахьма – Аладин да,
15Алади – ЭлиӀазаран да,
ЭлиӀазар – МатӀанин да,
МатӀани – Якъубан да,
16Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да.
Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.
17ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.
Ӏийса дуьнен чу валар
18 # Лака 1:27. Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. 19Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла. 20Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира:
«Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. 21#Лака 1:31. Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса#1:21 Ӏийса – иза «Везачу Эло кӀелхьарвоккху» бохург ду. тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».
22И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:
23 # ЕшаӀ-ЯхӀу 7:14 (Грекийн). «ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву,
Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.
Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду».
24Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра. 25#Лака 2:21. Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.

Currently Selected:

Маттай 1: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in

YouVersion uses cookies to personalize your experience. By using our website, you accept our use of cookies as described in our Privacy Policy