YouVersion Logo
Search Icon

Лака 6:27-49

Лака 6:27-49 CHE

«Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де. Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш. ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха. Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила. Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза. Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара». «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву. Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах». ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе. Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха». «Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а. Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду». «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза. ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела. Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».