1
Лелар 22:28
Делан Йозанаш
CHE
Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?»
Compare
Explore Лелар 22:28
2
Лелар 22:31
Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира.
Explore Лелар 22:31
3
Лелар 22:32
Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна.
Explore Лелар 22:32
4
Лелар 22:30
Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», – аьлла.
Explore Лелар 22:30
5
Лелар 22:29
БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!»
Explore Лелар 22:29
6
Лелар 22:27
Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира.
Explore Лелар 22:27