Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла».
Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира.